(25 февраля 2015) Ши бер а кхобуш, йисина Іаш хилла цхьа зуда.
ЙоІ а, кІант а хилла цуьнан. ЧІогІа гІийла, миска хилла тІехь да воцу и доьзал. Цкъа а буззалц яа сискал а, я дегІ дIахьулдеш тІеюха цІена бедар а ца хилла церан. Ши бер доккха хилла, амма къелла дІайолуш ца хилла. Цкъа цхьана дийнахь кІанта хаьттина шен нене:
– Нана, и ирс бохург хІун ю? – аьлла.
– Э, сан кІант, – жоп делла нанас, – ирсе дера ву вуззалц хІума юург а, тІехь беркъа воцург а, цкъа а гІайгІане воцург а. Ткъа цу стеган кхин дика доттагІа а велахь, оьшучу хенахь цунна хьекъале дош аьлла гІо дан, цул доккха ирс дан а дац.
Иза а аьлла, нанас доккха са даьккхина.
Юха а хаьттина кІанта:
– Нана, цхьана кицанахь олуш ду: «Майрачу къонахчун ирс-аьтту гуттар а хуьлу». И бохург хІун ду, цунах кхетавехьа со.
– И бакъ ду, сан кІант, – жоп делла нанас, – цхьана Іалашоне хьо гІертахь – хьан гуттар а аьтто хир бу. Ткъа хьайн Іалашоне боьдучу новкъахь, хьо вуха ца волуш, гал ца волуш хилахь, хьан ирс а хир ду.
– Ахьа схьадийцарехь, нана, сайн ирс аса айса лаха дезаш ду-кх, иза ша тІедаре а ца хьоьжуш, — аьлла кIанта.
ТIаккха цо шен нене ша ирс лаха вахийтахьара аьлла, дехар до. Нанас некъана кхалла хІума а лой, дІахьажаво иза. Вехха лела кІант. Иза ворхІ ломал а, ворхІ аьхкал а дехьа волу, тІаьххьара а цхьана юькъачу хьуьна юккъе кхочу иза. Цу хьуьнхахь дехаш акха адамаш хуьлу.
– ХІей, кІант, – мохь туху оцу акхачу адамаша, – хьо хІунда веана кхуза? Хьо кхузахь вуьйр вуйла ца хаьара хьуна?
– Ца кхоьру со аш верна, – майрра жоп делла кІанта. – Шайна соьца ницкъ къовса лаахь – схьадовла.
– Тхо кийча ду, – жоп ло акхачу адамаша. – Амма вайн къовсадалар иштта хир ду хьуна: дІо Іуьллучу тІулгах Іаьвдина даьтта даьккхинарг тоьлла хир ву. Ткъа тоьллачо аьллачунна реза хила веза массо а.
– Со реза ву, – аьлла, жоп делла кІанта.
Цул тIаьхьа ойла йина цо, царна хІилла муха дийр дара те ша, аьлла. Цкъа хьалха тІулгах акха нах тасало. Цара хІораммо а тІулг Іовду, амма цхьаьнгге а даьтта ца даккхало. ТІекхочу кІентан рагІ. Кхо шен нанас шена кІолдаца цхьаьна тIоьрмиг чу йиллина даьттан цуьрг дага а йогІий, цхьанна а ца гойтуш, кисана куьг а Іуттий, шен куьг хьандо. ТIаккха ши куьг вовшах а хьокхий, ша тІулг Іовда кечлуш санна, дIахIутту. Юха тІевоьдий, тІулг Іовду сурт а хІоттадой, шен хьена куьйгаш дІагойту акхачу адамашна.
– Гой шуна сан ши куьг? Шуна ма-гарра, со тоьлла, хІинца аша ас аьлларг дан деза.
Кхин дан хІума а ца хилла, акха нах кхо бохучунна резахилла. Цара шайн хІусаме а вуьгий, шортта даа а, мала а хІоттадой, лелаво иза. Суьйранна дІавижа кхунна мотт а тобой, дІабоьлху уьш. КІант ша вуьсу, амма кхунна наб ца кхета. ХІара чІогІа шек хуьлу оцу акхачу адамех. Шаьш сакъоьруш стоьла хьалха Іаш а вовшашца шабарш деш тергалбора цо уьш. Цундела кхунна дагадогІу: «Там бара цара, со дІа а вижийтина, вен», олий. ТІаккха хІара, шен мотт ша дІавижча санна, то а бой, ша кхечу соне а волий, тІе верта а тосий, дІавуьжу иза. Буьйса юккъе яхначу хенахь, акхачу наха, тхов тІе а бовлий, боккха тІулг кхуссу кІант дIавижначу метта. Іуьйранна чу баьхкича, шайн хьаша дийна карийча, боха а бухий, цара олу:
– Тхан хьоме хьаша, муха яьккхи ахьа буьйса?
– Буьйса, ала хІума доцуш, дика яьккхи аса, амма, бакъдерг аьлча, цІийІуьйдургаш дукха ю шун кху чохь, – олу кІанта.
Ойлане бовлу акха нах. Цара вовшашка олу:
– Йо, Веза Дела, хІокху тамашийначу кІантах муха херлур дара те вай, хІара кочара муха воккхур вара те? – олий.
Уьш кхерало, цо шаьш дерриш а дайарна. ТІаккха цара сацам бо, цунна доккха совгІат а дина, иза новкъаваккха. Деших а, кхин а цхьацца йолчу езачу хІуманех а дуьззина галеш а лой, цунна гІоьнна шайна юкъара ши стаг а лой, цІа хьажаво акхачу наха хІара кІант. ХІорш цІа богІуш кхарна хьалха цхьа йоккха дечиг нисло. КІант соцу.
– ХІара дечиг тхан нанна дика хир ю, – олий, шеца вогІучу шина стагана ги юллу цо и дечиг.
ТІаккха акха нах кхин а цецбовлу, кхуьнан нана а хир ю-кх иштта онда, олий. КІант дика цІа кхочу. Важа шиъ вухавоьрзу, хІара цІа а кхетавой. ХІетахь дуьйна бертахь баха ховшу уьш, кхин цкъа а къоьлла хІун ю а ца хууш.
http://www.gakish.com/