(1 февраля 2016) Нохчийн къам даима шакъаьстина лаьтташ хилла Кавказан а, кхин долу къаьмнашна а юкъахь. Цуьнан бахьана ду вайн къоман шатайпана г1иллакхаш, ламасташ хилар. И г1иллакхаш, ламасташ дайшкара берашка, цхьана чкъурера вукху чкъуре луш схьадаьхкина вайн замане.Амма, мел халахеташ делахь а, зама мел ели а жим-жима кеп хуьйцуш а нисло и г1иллакхаш. Юкъараллин 1ер-дахаран хьелаш хийцадаларца доьзна хила а тарло иза. Мухха делахь а, къоман г1иллакх-оьздангаллин бух, орамаш цхьаъ ду, уьш хийцаделла а, хийцадала йиш йолуш а дац.
Цундела таханлера кехийрхой оцу бухана т1етевжина хила беза. Кхечу къомана юкъахь, хийрачу махкахь велахь, муххале а. Иманехь хилар, ламаз-мархица нисбала хьажар коьртаниг ду царна.
Адам – и стаг велахь,зуда елахь – шен духарца оьзда хила веза.
Кегийрхойн декхар ду воккханиг ларар, церан 1уналла дар, жимчуьнан дола дар. Да-нана ца лийринарг стаг вац олуш хилла вайнехан. Иза а вайн ламаст ду.
Нахана юкъахь лела хаар, ша волчу меттиган г1иллакх ларар, и лардар, шен меттиг ларъян хаар даима сийлахь лерина вайнаха. Цундела ваьш миччахь делахь а гонахарчу адамашца к1еда- мерза хила деза вай, собаре хила деза, тарлуш хила деза.
Ц1ано – ах г1иллакх ду, олуш ду вайн. Шен го ц1ена лело безар а, йоьжна-1уьллучунна т1ех ца вийлар а ду вайца хила дезаш.
Тешаме а, г1о-накъосталлина, орцанна каде хилар, доьналла долуш хилар а ду вайн дайшкара схьадеана, вайца хила дезаш.
Дин лелор, ламаз-марха лелоран кепаш вайн ворх1е дайшкара дуьйна дерг ду вай лело дезарг. Мегар дац кху заманахь гучудуьйлуш долчу цхьацца кхечу мехкашкара чукхоьхьучу х1уманашна т1аьхьаваза.
Шен къоман бух бевзаш, шен дайн г1иллакхашца вехаш, яхь-юьхь йолуш волчу жимачу стеган даима сий-ларам хир бу адамашна юкъахь.
Хадысов Мамед