(3 июня 2016) Ханна жима велахь а, айса йоккхуш йолчу хенах дуккхахерг аренца яккхар нисделла сан. Иштта, сайн аренца долчу дахарехь цхьана х1уманан тидам бина ас, цу х1уманах цецвийлина а ца волу со.
«Х1ора стагана сийлахь долу кхо х1ума ду дуьненчохь
вовшахдаккха йиш йоцуш, даима а цхьаьна хила дезаш.
И кхо х1ума – мотт а, халкъ а, Даймохк а ду. Оцу кхаа
декъах муьлхха а цхьаъ д1акъаьстича, дисина ши дакъа
дахалуш дац» Ахьмад Сулейманов
Ханна жима велахь а, айса йоккхуш йолчу хенах дуккхахерг аренца яккхар нисделла сан. Иштта, сайн аренца долчу дахарехь цхьана х1уманан тидам бина ас, цу х1уманах цецвийлина а ца волу со.
Малхбалехьара малхбузе кхаччалц дуй те аьлла даьржина ду тахана дуьненахь вайн нохчийн къам.Цхьацца бахьанашца махках бевлла уьш. Царах цхьаберш кхеттал болуш кхечу махка д1а бахна (со а царах ву), вуьйжуш аренца, кхечу махкахь бина бу. Амма царах дуккхахберш дено-дено шайн ненан мотт бицбина бог1у . Грамматика юьйцур яц вай, вовшашка бистхиларехь ч1ог1а эшна дог1у нохчийн мотт бийцаран хьал.
Вайх цхьаболчара ч1ог1а дозалла до шайн доьзалхочунна кхечу къоман мотт хиъча. Къаьсттина Европехь 1аш болчу нохчийн кегийрхошна масийтта мотт хаа. Амма ненан мотт хаий те цунна, аьлла хаттар кхолладелча, вайна хеза церан жоп: «Бийца-м ца хаа, шега дуьйцучух кхета-м кхета. Шен акцент йолуш бийца эхь хета нохчийн мотт».
Ас дозалла до, масийтта мотт хууш, хьекъалца, кхетамца,1илманца вайн къоман сий лардеш болчу кегийрхойх. Амма шен ненан мотт а ца хууш , кхин деригге х1ума хууш долчу адамах со цецволу, иштта адам сайна дайча, ч1ог1а дог а 1аьвжа. Соьга хаьттича, берриге бехк ден а, ненан а бу аьлла хета суна, х1унда аьлча шен чуьра, шен доьзалера дуьйна ду мотт 1амар, и бийцар. «Ненан мотт» лаа аьлла ма дац цунах!
Кегийрхошна юкъахьчул г1оле хьал дац бакхийчаьрна юкъахь а тахана. Вовшашка оьрсийн, муьлххачу кхечу къоман мотт буьйцу цара, шайн чохь доьзалхошца кхечу къоман маттахь къамел до, цунах баккхий а беш.
Сайн къамелана т1едоьг1на дало лаьа цхьа дийцар. Масал оьцучо масал оьцийла кхунах.
«Немцошца хиллачу Даймехкан тIаме вахана хилла жима стаг. Ницкъ ма-кхоччу летта иза мостагIчух, амма бертаза мостагIчун каравахар нисделла цуьнан. Германехь висна иза, цигара шена зуда а ялийна. Шен цIа са ца гатдеш ца Iийна хIара, амма тIехIоьттина даьллачу хьолехь ша хаьржина некъ гIолехь карийна кхунна.
Самах а, гIенах а кIантаца дехаш хилла винчу ненан сурт, амма ненах дерг цахааро дагна ницкъ бора. Шен оьздачу маттахь, хIара яхьах ца вохийта дош олуш, нанас тIаме хьажийна ма вара шен кIант.
ТIом чекхбаьлча а шен кIантах лаьцна цхьа а хаам ца кхаьчча, нанас шена тIе Iаьржа духар дуьйхира. Оцу духарца хIора сарахь кетIа а йолий, цигарчу гIанта охьахуий, юьрта чу богIучу новкъа бIаьрг бетташ Iара и ехха.
КIантана иштта цо сагатдира ткъе итт шарахь гергга.
Даймехкан тIамехь халкъо толам баьккхина 30 шо а дуьзнера хIинца.Шен Iаьржачу духарца нана кетIа яьллачу хенахь кхаьрга веара вевзаш воцу хьаша. Цо дийцира ша путевкица Германе вахарх, цигахь шена дайнарг.
Германехь вехаш волчу оцу ненан кIанта дехар дина хиллера шен Даймахкара веана стаг шена гича, ша вина-кхиъначу юьрта гIой, дийна елахь шен нене кост дIатохахьара, аьлла.
Хьешо нене дийцира:
– Хьан кIант дийна ву, могуш ву, Германехь вехаш ву иза шен доьзалца. Хьо йолуш юй хьажий, хьоьга маршалла ло бохура. Аьтто балахь, ган доьгIнехь – гур ду бохура…
Хьаша хIусаме кхайкхина, цунна юург-мерг елира бухарчара. Нанас шен Iаьржа духар а хийцира. Хьаша новкъа ваккха шаьш кетIа девллачу хенахь, цIеххьана шена дагадеана хаттар дира нанас хьеше:
– Дийцахьа, къамел муьлхачу маттахь дира ашшимма?
Жимма воха а воьхна, хьешо жоп делира:
– Немцойн маттахь…
Хьаша дIа а вахале, сихха чу а яхана, шен Iаьржа духар юха а тIедуьйхира нанас. ТIаккха элира, хьешана хезаш:
– Иза сан кIант вац, цо шен ненан мотт бицбинехь. Иштта ца Iамийнера аса иза…»
Иштта оьзда, турпала наной мел бу бан йиш яц ненан мотт!
Вешан мотт бийцахь, 1амабахь, ларбахь, оцу немцойн махкахь ваьхначу стагах тарлур дац-кха вай. Дийцаран масало хаза кхетам ло вайна.
Дагадаийта лаьа: нохчаша шаьш ц1ерадаьхна леллачу 13 шарахь ма ца бицбина шайн мотт, цу маттара цхьа а дош, ма ца дицдина цхьаъа шайн г1иллакх!
Цу хьокъехь аьлла-кх 1963-чу шарахь Москвахь д1аяьхьначу Ерригсоюзни 1илманан-практически конференцехь вайн г1араваьллачу поэта а, хьехархочо а Сулейманов Ахьмада : «Х1ора стагана сийлахь долу кхо х1ума ду дуьненчохь вовшахдаккха йиш йоцуш, даима а цхьаьна хила дезаш. И кхо х1ума – мотт а, халкъ а, Даймохк а ду. Оцу кхаа декъах муьлхха а цхьаъ д1акъаьстича, дисина ши дакъа дахалуш дац. Нохчийн къам казахийн, киргизийн мохк ца тайна а, оцу махкахь даха а, 1ен а ца хууш ца г1ертара шайн Даймахка. Кху дуьнен т1ехь мел йолу дуьхьалонаш а эшош, шаьш 13 шарахь хала гулбина бахам а битина, нохчий шайн Даймахка г1ертара Дала делла и сийлахь кхо х1ума вовшах а тоьхна, юха а дуьззина къам хилла даха».
Ненан мотт – орам бу, хьо лаьтта т1ехь латтош болу. И орам д1абалахь, цунах хьо хадахь хедаш ду хьан дахаран дитт.
Нохчийн стаг стенггахь велахь а, муьлххачу пачхьалкхехь вехаш хиларх а, велча д1аволла шен махка, шен ц1а, шен лаьтта т1е схьавалош ву дукхахьолахь. Тезетахь кадам нохчийн маттахь бо. Оцо кхачадо дерриге а.
Тидаме эца деза нохчийн мотт ЮНЕСКОс дерриге а дуьненара довш лаьттачу меттанийн атлас юккъе бахийтар. Ткъа мотт ца хилча стеган цхьа а т1етевжийла ма яц! Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац, аьлла хьекъале дешнаш ду.
Цундела ша нохчи волчо нохчийн къам ца дайта, шен мотт ларбан беза, 1амо а беза, кхио а беза. Шен ненан мотт хаа а беза , и бийца а беза; цунах къахка а мегар дац, къаста а мегар дац.
Ненан мотт ларбан а, мазал мерза бийца а, цунах дозалла дан а хьекъал, кхетам, хьуьнар, доьналла лойла вайна Дала!
Абубакаран Мамед