(12.02.2015) Гоьваьлла литературовед, литературин критик, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманан академин академик.
Естественни Iилманийн российски академин академик, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу гIуллакхъхо» сийлаллин цIерш лелийна волу Айдаев ЮшаI ХХ бIешеран 60–90-чу шерашкахь къоман литература, Iилма, культура кхиорехь эвсараллица болх бина вара. Цуьнан Iилманан-талламан белхаш нохчийн литературоведени, литературин критика кхиарехь Iаламат мехала хилла.
Айдаев ЮшаI вина 1938 шеран 20 мартехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Ахъядан доьзалехь. Хьалххе да а кхелхина кхаа кIантаца йисина нана. Воккхаха волу ваша Юнус хилира шайна ден метта, олура ЮшаIа.
Нохчийн къам 1944 шарахь махках даьккхича, Казахстанерчу Лениногорске нисбелла ЮшаIгIеран доьзал, цхьа хан яьлча уьш дIабахна Киргизерчу Токмак гIала. Цигахь ЮшаIа тIехдика доьшуш чекхъяьккхина белхаца болчу кегийрхойн юккъера школа (Средняя школа рабочей молодежи № 1 города Токмак).
Нохчийн къам ссылкехь долчу хенахь, жимма паргIато яьлча, 1955 шарахь, Алма-Атахь нохчийн маттахь арахеца долийра «Къинхьегаман байракх» цIе йолу газета. Оцу газето 1957 шеран аьхка хаам бира, Соьлжа-ГIалахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтехь схьайиллина оьрсийн, нохчийн меттанаш а, литература а хьоьхуш йолу отделени, цига деша кхойкху юккъера школа чекхъяьккхинчу кегийрхошка, аьлла. Нохч-ГIалгIайн республика юха меттахIоттийна юьхь яра иза. Амма цIадерза бакъо массарна а ца еллера. Ах миллион адам цхьана дийнахь махках даьккхинера, ткъа цIадерзар масех шарахь кхочушдийра ду аьлла, сацам бинера. Цундела леррина бакъо елларг бен шен махка ца вуьтура. Казахстанехь, Киргизехь юккъера школа чекхъяьккхина кегийрхой, цIабахка бакъо йоцурш а, лечкъаш цIа оьхура, ненан мотт, литература хьоьхучу вузехь деша лаам чIогIа хиларна. Оцу шарахь институте деша хIиттина дуккха а нохчийн студенташ иштта цIабаьхкинера. Цхьаберш, кхечу вузашкахь доьшуш болчуьра дIа а бевлла, кхуза деша баьхкина а бара. ХIетахь ненан матте, дайн ламасташка, къоман культуре йолу шовкъаш инзаре чIогIа яра кегийрхойн. Ишттачарах вара Айдаев ЮшаI а.
Нохчийн матте, къоман культуре болчу безамо валийра ЮшаI Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан нохчийн мотт, литературий, оьрсийн мотт, литературий юккъерчу школехь хьехаран корматалла караерзочу историко-филологин факультетан отделени деша. ТIехдика доьшуш вара ЮшаI. Кхузахь гучуделира цуьнан кхоллараллин похIма. ЮшаIан дийцарш а, статьяш а арайийла йолаелира муьран зорбанехь. Цуьнан дуьххьарлера статья «Александр Казбеги – нохчийн, гIалгIайн доттагI» араяьлла «Ленинан некъ» газета тIехь 1959 шеран 9 январехь. Иза гуьржийн литературин классикан Александр Казбегин произведенешкахь нохчийн васташ кхолларх лаьцна яра.
Айдаев ЮшаI болх беш вара нохчийн энциклопеди кхолларан гIуллакхаш тIехь а. Къоман энциклопедин мехалла хууш волчу цо леррина къахьоьгура цу тIехь. Авторийн шуьйра го юкъаозийнера энциклопедина материалаш кечъярна, амма и язйина чекхъяккхар доьгIна ца хиллера цунна. Иза ца кхиира ша дуккха а шерашкахь къахьегна йолу энциклопеди чекхъяккха.
Дукха ю Айдаев ЮшаIа язйина литературоведенин, критикин, фольклористикин, публицистикин статьяш. Уьш арайилина авторан шен книгаш тIехь а, тайп-тайпанчу юкъарчу гуларшкахь а, республикерчу а, арахьарчу а муьран зорбанехь а. Шуьйра ю авторан белхаш зорбанехь арабийларан географи. Соьлжа-ГIалахь, Москвахь, Ростовехь, Махачкалахь, Симферополехь, Тбилисехь, немцойн маттахь – Берлинехь зорбатухуш арайийлина цуьнан книгаш а, статьяш а.
Айдаев ЮшаIа юххера доттагIаллин а, кхоллараллин а уьйраш яра оьрсийн а, кхечу къаьмний а баккхийчу Iилманчашца. Цунна адамашца уьйраш таса а, доттагIалла лело а хаьара. Къаьсттина лелайора цо ша санна болчу баккхийчу Iилманчашца кхоллараллин уьйраш, цаьрца юххера юкъаметтигаш яра цуьнан. Царах дага а волура иза, уьш кхунах дага а бовлура. Иштта хиларо гIо дора Iилманчина шен кхоллараллин балха тIехь. Цуьнга кест-кеста кхойкхура вайн пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а дIахьош йолчу Iилманан конференцешка. Цигахь баккхийчу Iилманчашца цхьаьнагулвалар, керла уьйраш тасар пайдехьа хуьлура цунна шен балха тIехь.
Айдаев ЮшаIа Iилманехь болх барца цхьаьна хаддаза дакъалоцура республикин юкъараллин дахарехь а. Iилманан гонашкахь лерам хилла ца Iара ЮшаIе, цуьнан сий дора иза мел вевзичара а. Дукхазза хаьржина иза Соьлжа-ГIалин халкъан Советан депутат, Нохч-ГIалгIайн Республикин машар ларбаран Комитетан председатель, кхечу юкъараллин организацийн куьйгалле а.
Айдаев ЮшаIа Iилманехь йитина тIаьхье нохчийн литературина, культурина пайдехьа хилла ца Iаш, мехала ю ерригроссийски Iилманехь а.
Айдаев ЮшаI цIеххьана кхелхина 2004 шеран 1 июнехь Соьлжа-ГIалахь.
www.ChechnyaTODAY.com