(16 февраля 2015) Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах ву Зияудин».
Яздархо Абдулаев Зияудин шуьйра вевзира нохчийн къам махках даккхарх лаьцна язйинчу произведенешца.
Абдулаев Зияудин вина 1926 шеран 4 августехь Ачхой-Мартанан районан Котар-Юьртахь СаIдуллин доьзалехь. Юьртахоша лоруш, доьналла долуш стаг хилла СаIдулла.
Шен юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу рабфакехь дешна Зияудин, цуьнца цхьаьна исбаьхьаллин студи а чекхъяьккхина. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом лаьттинчу шерашкахь болх бина “Окна ТАСС”-н Соьлжа-ГIаларчу отделенехь. Исбаьхьаллин дашца, суьртийн плакатан гIирсашца адаман ойла фашисташна дуьхьал яккхарехь доккха гIуллакх дора Соьлжа-ГIаларчу “Окна ТАСС”-н белхахоша. Царна юккъехь вара къона Абдулаев Зияудин а. Даймехкан тIамехь болчу нохчийн бIаьхойх лаьцна материалаш кечйора цо. Иштта, Шуьйтан районерчу вежарийн ДзухайраевгIера бIаьхаллин хьуьнарех лаьцна стихотворени а, йоккха очерк а тIехь йолуш плакат арахецнера цо. Иза Абдулаев Зияудин дуьххьара зорбане валар ларалуш ду.
Нохчийн къам махкахдаьккхинчу хенахь Казахстанан Чимкентски областе нисвеллера Зияудин. Цигахь 1946 шарахь гIишлошъярхочун говзалла караерзийна. Цул тIаьхьа прораб волуш белхаш бина тайп-тайпанчу гIишлошъяран организацешкахь Казахстанехь, Кабардино-Балкарехь, Краснодарски крайхь, Нохч-ГIалгIайчохь. Ша миччахьа болх беш хилча а адамийн юкъаметтигаш тергалйина Абдулаев Зияудин, дахаран хьелаш довза гIиртина. ГIишлошъяран организацийн куьйгаллехь ша волуш даим а белхалошца йовха, адамаллин юкъаметтигаш латтийна цо, цаьрца хьаькхна хилла, церан хьашташ кхочушдан гIиртина. Цундела хIара везаш а, кхуьнга лерам болуш а хилла кхуьнца болх бинарш.
Жимчохь дуьйна а исбаьхьаллин литературе шовкъ йолуш хилла Зияудин. Цо хаддаза ешна оьрсийн а, нохчийн а яздархойн произведенеш. ДIадаханчу бIешеран 50-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь ша а тIевирззина яздан волавелла иза. Цо ша зийна журналистикехь а, исбаьхьаллин литературехь а. Абдулаев Зияудинан кегийра произведенеш зорбатоьхна 1953 шарахь Кахастанехь Ленгер гIалахь арадолуш хиллачу “Ленгерский рабочий” газетан агIонаш тIехь. Цул тIаьхьа цуьнан дийцарш, очеркаш, кегийра повесташ арайилина «Къинхьегаман байракх», “Ленинан некъ”, “Грозненский рабочий” газеташ тIехь, “Орга” альманахан агIонаш тIехь, Москвахь арахоьцучу “Юность”, «Дружба народов» журналаш тIехь, юкъарчу сборникаш тIехь. Оьрсийн маттахь язйина Абдулаев Зияудина шен произведенеш. Цуьнан дийцарийн, очеркийн, повестийн турпалхойн тайп-тайпанчу къаьмнех а болуш, авторна гонахара адамаш хилла. Церан ойланаш, гIуллакхаш, гIиллакхаш дика девзаш волчу яздархочо исбаьхьаллица кхоьллина шен турпахойн васташ.
Абдулаев Зияудинан дуьххьарлера книга “На берегах Ассы” араяьлла 1975 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Цу тIехь зорбатоьхна яра книга шен цIарах йолу повесть “На берегах Ассы”, очеркаш “Балкарский Гаврош”, “Побратимы”, “Цветы у обелиска”, “Сестры”, “Ветераны”, дийцарш “Оранша”, “Случай на трассе”, “Чужой”. И книга араяьлча, литературоведа Айдаев ЮшаIа яздина: «Вышла первая книга З. Абдулаева, в которой проявился безусловный творческий талант ее автора. Он строитель по профессии, человек пытливого ума, влюбленный в жизнь, старающийся уловить наиболее интересные ее закономерности. Прежде всего волнует писателя человек и его дело, богатство и разносторонность его духа, чувство взаимной привязанности и ответственности друг перед другом людей разных национальностей… Автор сумел в своих произведениях художественно убедительно рассказать о вещах привычных и избежать при этом декларативности и банальности. Писатель очень чуток к слову, умело использует живописную разговорную речь. Образы его произведений запоминающиеся». Айдаев ЮшаIа яздархочун дуьххьарлера книга араяьлча, цуьнан кхоллараллин хадийна мах нийса хилар гайтина Абдулаев Зияудина кхидIа арайийлинчу произведенеша .
Абдулаев Зияудинан публицистикехь шена тIе тидам бохуьйтуш ю «Авторханов и перестройка» цIе йолу статья.
Шен накъостех яздархойх лаьцна бовха дагалецамаш битина Абдулаев Зияудина. Даггарчу лерамца яздина цо Мамакаев Мохьмадах лаьцна («Памяти магическая нить. Из воспоминаний о встречах с Магомедом Мамакаевым»), гIалгIайн поэтах Яндиев Джамалдинах лаьцна (Несколько эпизодов из жизни «Гусара»). Оцу дагалецамашкахь Мамакаев Мохьмадан а, Яндиев Джамалдина а дахарах болу хаамаш мелла а тIе а бузуш, церан амалийн керла агIонаш гайтина.
Абдулаев Зияудинан тоьлуш йолу произведенеш нохчийн къоман дахаран уггаре хала мур (1944 – 1957 шераш) чулоцуш ю. Нохчийн а, кхидолу а къаьмнаш махкахдахаран тема иштта шуьйра айинчу хьалхарчу яздархойх вара Абдулаев Зияудин. Зорбанера ара ма евллинехь Iаламат боккха кхиам хилира цуьнан произведенийн. ХIинца а наха дукха йоьшучарна юккъехь ю цуьнан произведенеш. Уьш юха зорба а тухуш, кест-кеста арахоьцуш ю.
Абдулаев Зияудин кхелхина 1994 шеран 23 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь.
АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН ПРОИЗВЕДЕНЕШ
КНИГАШ
ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
На берегах Ассы. Повесть, рассказы, очерки. Грозный,1975.
Оранша. Повесть и рассказы. Грозный, 1978.
Звезда Шамсудина. Грозный, 1979.
Всполохи. Повести, рассказы, очерки. Грозный, 1988.
Всполохи. Повесть. Вторая книга. Грозный, 1991.
Сокрушение идолов. Роман, повести, рассказы, очерки. Грозный, 1992.
Избранное. Всполохи. М., 2009.