(11 марта 2015)ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт.
Юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа кожанка а юьйхина, когахь юткъа хаза эткаш, хаьнтIехь жима зударийн тапча лелош йолу Анзорова Балкан шайн цIера пайтонахь арайолуш леррина цуьнга хьовса доьлхура шаьш бохуш, дийцина 1930-1940-чуй шерашкахь шен беран хенахь Хьалха-МартантIахь Iийначу Нохч-ГIалгIайн университетан профессора Лоов Инала.
Анзорова Балкан йина 1923 шеран 24 декабрехь (1919 шарахь йина аьлла яздина меттигаш а ю, иза нийса хила тарлуш ду) Хьалха-МартантIахь ахархочун Анзоран доьзалехь. Церан дай Девлитгийр-эвлара хилла, цигара Хьалха-МартантIа кхелхина баьхкина уьш.
Балкана Хьалха-МартантIара школехь дешна. Школа кхиамца чекхъяьккхинчул тIаьхьа балха яхна. Дика хаарш долуш ю аьлла, баккхийчарна хьеха яхийтана иза йоза-дешар цахаар дIадаккхаран курсашка. Цигахь дика болх беш, гIиллакх долуш хиларца билгалъяьлла Балкан. Шайн жимчу хьехархочунна реза хилла ханна кхулла дуккха а баккхий болу дешархой. Оцу курсашкахь болх бинчул тIаьхьа, 1938 шарахь, Хьалха-МартантIара юккъерчу школехь пионервожатин болх белла цуьнга. Берашца, кегийрхошца бечу балхаца дика ларалуш, юкъараллин гIуллакхаш тIехь дакъалоцуш, тIах-аьлла йолчу нохчийн йоIана тIе тидам бахна районехь, иза 1940 шераш дуьйлалучу муьрехь районерчу клубан куьйгалхо хIоттийна. Анзорова Балканан корматаллица богIуш болх хилла иза. Ша эшарш а йохуш, пондарца уьш дIа а локхуш йолу Балкан, клубан исбаьхьаллин тоба вовшахтохаралла совнаха, оцу тобанан музыкальни куьйгалхочун гIуллакхаш кхочуш а деш хилла. Оцу хенахь яьхна цо шен эшарш «ЙоIа кIантах йолуш лекхна йиш», «Колхозан йиш», «Лулахь», кхиерш а. Уьш Хьалха-Мартанан районан клуберчу исбаьхьаллин тобано лекхна ца Iаш, нахана юкъахь яьржина а яра. Анзорова Балкана мало йоцуш, шен хаарш а, ницкъ а тIебаххийтина дIахьора болх. Ерриг республикехь а тоьллачарах хилла Хьалха-Мартанан районан клуб а, цуьнан исбаьхьаллин тоба а. 1939-чу шарахь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указаца «Знак почета» орден елла Анзорова Балканна. Iедало иштта билгалдаха хьакъ долуш хилла йоьIан белхан хьуьнарш.
Хьалха-Мартанан районан клубан болх тобеллачул тIаьхьа, районан библиотекин заведующий яхийтина иза. Дукха хан ялале библиотекера мукъа а йитина, цхьана йоккхачу артелан председатель хIоттийна. Артелан юкъайогIуш масех предприяти хилла. Оцу балхахь а куйгалла дан хаарца, шен хьуьнаршца билгалъяьлла иза. Схьахетарехь, Анзорова Балканан дахарера и мур хир бу профессора Лоов Инала хьахийнарг. 1944 шарахь дерриг нохчийн къомаца махках яккхалц и болх бина Балкана артелехь.
Алма-Атахь а, цул тIаьхьа Талды-Курганан областан Тостак поселкехь бахамаллин тайп-тайпанчу организацешкахь белхаш бина Анзорова Балкана. Оцу халчу хенахь а нехан аьтто бан, нахана гIо дан мелла а таро йолуш хилла иза. Цо гIо динчу дуккха наха баркаллица дагалоцура иза.
1955 шарахь Кахастанан коьртачу гIалахь Алма-Атахь нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газета арахеца долийча, республикин радиохь нохчийн маттахь передачаш юьйлаелча, оцу белхаш тIехь жигара дакъалаьцна Анзорова Балкана. Алма-Атахь Нохч-ГIалгIайн эшарийн, хелхаран ансамбль вовшахтоьхна, 1957 шарахь иза а ялош Хамидов Iабдул-Хьамид даймахка цIа вогIуш, оцу ансамблехь яра Анзорова Балкан а. Еххачу хенахь Нохч-ГIалгIайн эшарийн, хелхаран ансамблан солистка лаьттина иза.
Анзорова Балканна нохчийн къоман барта поэзи езар, къаьсттина нохчийн барта кхоллараллера мехкарийн эшарш езар, дIадоладелла школехь доьшуш йолуш. ХIетахь йолаелла иза ша эшарш яха а. Цуьнан кхолларалла юьхьанца эшарех лаьтташ хилла. Нохчийн къоман эшарех таръеш язйина цо шен стихаш-эшарш а. Царна зорбатоьхна газетийн агIонаш тIехь, юкъарчу поэтически сборникашкахь. Кегийрхойн дахарх, безамах, бIаьстенан хазаллех лаьцна яра Балканан дуьххьарлера стихаш-эшарш. Церан чулацам а, исбаьхьаллин куц а халкъан мехкарийн эшарийн хотIехь дара. Масала, «ЙоIа кIантах йолуш лекхна йиш», «Колхозан йиш».
Оцу хенахь Iедало яздархошна хьалха билггалдолу декхарш хIиттадора: белхалойн, ахархойн кхиамаш гайтар, колхозан дахар чIагIдарехьа яздар, советан Iедалехьа къийсам латтийнарш сийлаллица бийцар, советан Iедал, парти хестор. Иштта теманаш советски яздархойн произведенешкахь коьртачарах хила езаш яра. Шен заманан лехамийн хоршахь яра Анзорова Балканан стихаш-эшарш а. Царна зорбатухура Нохчийчохь а, Москвахь а араюьйлучу книгаш тIехь. 1939 шарахь Соьлжа-ГIалахь оьрсийн маттахь араяьллачу «Поэты Чечено-Ингушетии» сборник тIехь яра цуьнан стихаш «Орденоносцу Али Гучигову», «За весть вам спасибо, любимые», «Чтоб от недруга нас уберечь», «Поутру не увидимся…». Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча арахецначу нохчийн поэтийн «Тхан иллеш» цIе йолчу сборник тIехь зорбатоьхнера «Колхозан йиш», «Ворошилов» стихотворенеш. Коьрта долчу декъана Анзорова Балканан стихийн чулацамехь дара юьртабахамехь кхиамаш бахар гайтар, балха тIехь йохьалле кхайкхар, къинхьегаман турпалхой бийцар, керла дахар хестор. 1940 шарахь СССР-н яздархойн союзе дIаэцна Анзорова Балкан. Цуьнан шен дуьххьарлера книга араяьлла 1941 шарахь.
Москвахь 1958 шарахь оьрсийн маттахь арахеца кечйира нохчийн поэзин антологи, цу тIехь зорбатуьйхира Анзорова Балканан 4 стихотворени: «Теперь мы живем», «Орденоносцу Али Гучигову, «Поутру не увидимся…», «Чтоб от недруга нас уберечь».
Анзорова Балканан «ЦIенчу даггара» цIе йолу стихотворенийн сборник араелира 1980 шарахь. Цу тIехь хьалха язйинчу стихашца цхьаьна керланаш а яра. Цул тIаьхьа арахийцира цуьнан кхин цхьа поэтически сборник а. Иза яра 1988 шарахь зорбатоьхна «Сатийсамийн тIемаш» цIе йолу книга.
Анзорова Балкан кхелхина Соьлжа-ГIалахь 1997 шеран январь баттахь.
Анзорова Балканан зорбанехь арайийлина произведенеш
Нохчийн маттахь
Колхозан йиш, «Ворошилов». Стихаш // Тхан иллеш. Соьлжа-ГIала, 1940.
Кегийрхошка. «Ленинан некъ», 1941, 1 янв.
ЙоIа кIантах йолуш лекхна йиш // ДоттагIалла, 1959, № 2. С. 92.
Лулахь… «Орга», 1960, № 3, С. 54.
ЦIенчу даггара. Стихаш. Грозный, 1980.
Ирс ца догIу ловзадуьйлуш. Стихийн цикл // Орга. 1987. №1.
Сатийсамийн тIемаш. Стихаш. Грозный, 1988.
Оьрсийн маттахь
«За весть вам спасибо, любимые», «Чтоб от недруга нас уберечь», «Орденоносцу Али Гучигову», «Поутру не увидимся…». Стихи // Поэты Чечено-Ингушетии. Грозный, 1939.
«Теперь мы живем», «Орденоносцу Али Гучигову, «Поутру не увидимся…», «Чтоб от недруга нас уберечь». Стихи // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1958.
www.ChechnyaTODAY.com