(6 марта 2015)Айдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элир.
«Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан а оьзда кIант, гIараваьлла вевзаш а, лоруш а волу яздархо, публицист, юкъараллин деятель, баккхийчара а, кегийчара а лоруш а, сийдеш а волу хьехархо! Вайн веза-воккхачу АллахIа хьайна комаьрша деллачу похIмица ахь йоккха хазна йиллина нохчийн къоман литература кхиоран гIуллакхана юкъа. Книгашъешархоша а, критикаша а лаккхара мах хадош тIеэцна хьан «Нена дог», «Винчу лаьмнашкахь», «Лаьмнашкахь серло», иштта кхийолу произведенеш а. Къаьсттина ала лаьа нохчийн къомо нийсонехьа, шен маршонехьа дIабаьхьначу бIешерийн къийсамах лаьцна язйинчу, нохчийн исбаьхьаллин прозин лакхенаш хилла дIахIиттинчу «Маршонан цIарах» цIе йолчу повестах, «Еха буьйсанаш», «Лаьнашкахь ткъес», «Дарц» цIерш йолчу исторически романех. Нохчийн литературехь баккхий кхиамаш бахарна а, юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарна а хьуна, хьакъ а йолуш, тиллина сийлаллин цIе – «Нохч-ГIалгIайчоьнан халкъан яздархо».
Иштта лаккхара мах хадабо нохчийн къоман культурехь Айдамиров Абузаран дахаран а, кхоллараллин а.
Халкъан яздархо Айдамиров Абузар вина 1929 шеран 29 октябрехь Ножи-Юьртан районерчу Мескетахь ахархочун Iабдул-Хьаькаман доьзалехь. (Цуьнан паспорт тIехь вина терхьа 1933 шо билгалдаьккхина, иза сибрехьахь долуш спецкомендатурехь дIаяздина нийса доцу терхьа хилла). Нохчийн ширчу юьртахь, исбаьхьчу Iаламехь дIадахна яздархочун бералла. Деша а, яздан а школе вахале Iемина цунна, шел баккхийчу вежарша а, йишас а йоза-дешар Iамош. Цундела хьалхарчу классехь деша волавелча, дукха хан ялале, дика хууш ву аьлла, шолгIачу классе ваьккхина. Иштта кхоалгIачу классера а, иза чекх а яккхале, йоьалгIачу классе ваьккхина. Цу тайпана дика доьшуш ворхIшеран школа шайн юьртахь чекхъяьккхина хинволчу яздархочо.
Айдамиров Абузаран йоIа яздархочо Айдамирова Машаран шен «Айдамиров Абузаран дахар а, кхолларалла а» цIе йолчу книги тIехь яздо: «Абузаран да лаккхара бусалба динан Iилма Iамийна вацара, амма баккхийчу Iеламнахаца хаддаза уьйраш латтийна, кIорггера хаарш долуш вара. Цунна дагахь хаьара КъорIанан дуккха а сураташ, Пайхамаран (Делан салам хуьлда цунна) хьадисаш, эвлаяийн Iер-дахарх лаьцна дийцарш а. Йоккха поэзи корматалла яра цуьнгахь. Нохчийн а, Iаьрбийн а меттанашкахь назманаш язйора цо. Нохчийн маттахь дагахь «Лейла, Меджнун» поэма йоьшура цо. Ша язйинарш а, кхечеран а назманаш дIаолура. Назманан дешнашка а, чулацаме а хьаьжжина мукъам а, аз а хуьлура цуьнан: дог ойуш, дог делхош, самукъане, бIаьхаллин а».
Шен деца дукха хан ца яьккхина Абузара, хIетахьлерчу Iедало доьналла долу нах лоций, чу бохкара. Iабдул-Хьаькам а лаьцна, сибрех вахийтина. Лаьцначохь бархI шо а даьккхина Iабдул-Хьаькам цIавеанчу кхоалгIчу дийнахь кхелхина Абузаран нана Яхарг. Цу тайпана, да-нана цхьаьна а долуш, царах марзо эцар ца хилла жимачу Абузара.
Нохчийн къам махакхдаьккхича, шайн кхиболчу доьзалх а, цIийнан нахах а хаьдда, Абузаррий, цуьнан дай, дестей Казахстанан Акмолински областан Акмолински районан Садовое олучу юьрта нисбелла. Иза Iаламат хала Iаламан хьелаш долуш меттиг хилла: Iай шело чIогIа хуьлуш, чехка дарц долий, адамашна зенаш деш, кIоргачу лайно цIенойн неI-кор дIадукъуш. Оцу халчу хьелашкахь «Сталинская Конституция» цIе йолчу колхозехь тайп-тайпана белхаш бина 14-15 шо бен доцчу Абузаран: стерчийн готанца охана деш, хIу тосуш, мекха боккхуш, аьхка йол хьокхуш, цунах раьгIнаш еш, Iай бежнашна докъар тIекхоьхьуш. Иштта жимчохь дIаболабелла Айдамиров Абузаран къинхьегаман некъ.
1946 шарахь Киргизин Джалал-Абадски областан Каравански районерчу Успеновка юьрта шайн нахана тIе дIавахна Абузар а, цуьнан да а. Кхузахь юьхьанца колхозехь прицепщикан болх бина Абузара, цул тIаьхьа бригадехь учетчик хIоттийна иза. Абузар деша лууш хилла. Учетчикан болхбарца цхьаьна шозлагIа а 7 классе деша вахна иза Успеновкерчу оьрсийн школе. 8 классе дIа ца эцна ворхI чекхъяьккхина кехаташ цахиларна. Литература езаш, исбаьхьаллин произведенеш дукха йоьшуш хIара хилар билгалдаьллачу школан директора 7 класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа, кхунна гIуллакхна, школан библиотекарь хIоттийна Абузар. Цигахь цхьана шарахь эха шарахь болх бинчул тIаьхьа Успеновкерчу «Т. Шевченко» цIарахчу колхозе коьртачу бухгалтера заместитель вохуьйту иза. Пишпекерчу юьртабахаман техникуме бухгалтера говзалла караерзочу отделени заочно деша а вахна, пхи курс чекхъяьккхина цо. 1956 шарахь Сулюкта гIала дIавахана Абузар, цигахь экстерно экзаменаш дIа а елла, чекхъяьккхина юккъера школа.
Хийрачу махкахь, халчу хьелашкахь жимчохь дуьйна къахьегна Айдамиров Абузара. Тайп-тайпанчу нахана юккъе нислуш, хало а, атто а ловш, дахар, къинхьегам, къинхьегаман адамаш довза таро хилла цуьнан. Шеко яц яздархо кхиарехь, адамашца, дахарца йолу цуьнан шовкъаш кхоллаяларехь и дерриге шен маьIна долуш хиларан.
ПаргIато а яьлла нохчийн къам даймахка цIадоьрзачу хенахь, 1957 шарахь, шен юьрта Меската цIа а веана, ворхIшеран школе историн, нохчийн меттан, литературин хьехархочун балха вахна Айдамиров Абузар. Соьлжа-ГIалахь 1958 шарахь хьехархойн кхаа беттан курсаш чекхъяьхна. Оцу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан историко-филологически факультете заочно деша а вахна, историн хьехархочун корматалла караерзош, институт чекхъяьккхина 1963 шарахь.
Мескетарчу ворхIшеран школехь цхьана шарахь хьехархочун болх бинчул тIаьхьа Айдамиров Абузар оцу школан директор хIоттийна. Ткъе итт шарахь гергга болх бина цо оцу даржехь. Школан куьйгалхочун болх цо кхиамца бина хилар гойтуш ю цунна техкина сийлаллин цIерш а, делла пачхьалкхан совгIаташ а: «Нохч-ГIалгIайн АССР-н школийн сийлахь хьехархо», «РСФСР-н серлонан отличник», «СССР-н серлонан отличник», «Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан хьехархо», «Нохч-ГIалгIайн АССР-н сийлахь гIуллакхъхо», «Къинхьегаман ЦIечу Байракхан» орден. КПСС-н Нажи-Юьртан райкоман декъашхо а, районан советан депутат а хаьржина иза дукхазза а. 1989 шарахь СССР-н халкъан депутат а хаьржина. Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлахь профессор а, Нохчийн Республикин Iилманийн академин сийлахь академик а вара иза.
Школехь болхбар Айдамиров Абузара хаддаза дIахьора исбаьхьаллин литературехь къахьегарца цхьаьна. Шен яздаран корматалла лакхаяккхархьама Москвахь Горькийн цIарахчу литературни институтехь шина шеран литературин лаккхарчу курсашкахь дешна цо.
Айдамиров Абузаран произведенеш зорбанехь арайовла юьйлаелла 50-гIа шераш юккъе даханчу хенахь. ХIетахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолучу «Къинхьегаман байракх» газето кест-кеста кечйора литературни агIонаш. Оцу газета тIехь араевлла яздархочун дуьххьарлера произведенеш: стихотворенеш, дийцарш. 1956-чу шеран 30-чу ноябрехь газето зорбатуьйхира цIe яххана болчу нохчийн, гIалгIайн яздархойн произведенешца цхьаьна хIетта яздан волалуш волчу Айдамиров Абузаран «Лермонтовн безамна» цIе йолу стихотворени. Иза яздархочун дуьххьара зорбане евллачу произведенех ю. Ларамаза дац къоначу поэтан дуьххьарчарах йолу стихотворени сийлахь-воккха оьрсийн поэт дагалоцуш язйина хилар, М.Ю. Лермонтовн дахар а, цуьнан кхолларалла а шен дуккха а агIонашца Нохчийчоьнах йозаелла ю. И стихотворени юкъаяхара 1962-чу шарахь Грозный гIалахъ араяьллачу Айдамиров Абузаран «Винчу лаьмнашкахь» цIе йолчу поэтически книгина. Тайп-тайпана чулацам бу «Винчу лаьмнашкахь» книги тIерачу произведенийн. Алссам ю цу тIехь заздоккхучу Даймахках воккхавечу, халкъа, махка дуьхьа ваха луучу лирически турпалхочун ойла гойту стихотворенеш:
Лаьар-кха caйн оьмар
Жимма яхлойла,
Хьомечу халкъана,
Махкана ваца…
И дешнаш къоначу яздархочун ша-шега болу кхайкхам а хилла ца дисира, Айдамиров Абузаран дерриг дахар хилира халкъан, мехкан хьашташка дIахьажийна.
«Винчу лаьмнашкахь» цIе йолчу книги тIехъ зорбатоьхна яра стихотворенеш: «Даймохк», «Винчу ломахь», «Бералла», «Ненан мотт», «Яьссин тогIехь», «ХIай буьйса…», «Африке», «Лермонтов безамна», «Александр Казбеги», «Хьайна езахь», «Юха а хьоьга», «Бехк ма билла» дуккха а кхиерш а. Оцу вай ялийнчу стихотворенийн цIершца а гучуболу книгин шуьйра чулацам. Шен лаамашца оьзда ву поэтан лирически турпалхочун. Дахарерчу дуккха а гIуллакхийн ойлайойту автора шен стихаш йоьшучуьнга. Кхузахь ала догIу А. Айдамировн цхьайолу стихотворенеш, гоч а йина, гIалгIайн а, оьрсийн а, ткъа иштта испански а меттанашкахь зорбатоьхна хилар. «Винчу ломахь», «ХIай буьйса», «Даймохк» стихотворенеш нахана езаш йолчу эшаршка йирзина.
Айдамиров Абузар поэзехь дукха ца сецаш прозе ваьлла. Амма яздархочу цхьайолу прозаически произведенеш шайн орамаш цуьнан стихотворенешкахь долуш ю. Буьртигах зIийдиг хоьций кхуьу ялта санна, оцу стихотворенешкахь йолчу теманех, идейх кхоллаелла хетало яздархочун цхьайолу повесташ, дийцарш, статьяш.
Гонахарчу дахарера проблемаш хIиттайо яздархочо шен дуьххьарлерчу прозаически произведенешкахь. Дешархоша а, критико а дика тIеийцира «Ненан дог» (1961), «Генарсолтийн «хьуьнарш» (1965) цIерш йолу книгаш. Вайнехан доьзалехь, юкъараллехь зудчун сий лардаре кхойкху автор. Оьздангаллица, гIиллакхца, вовшийн ларарца кхолла еза доьзалехь юкъаметтигаш боху цо. Дахарехь шена хьакъйоллу меттиг дIалоцуш, новкъагIертачарна, зуламхошна дуьхьало еш зуда хила езар а гойту автора. Шен цхьана стихотворени тIехь Айдамиров Абузара яздо: «Хьо яц-ткъа, махкана къонахий белларг, Техкийнарг вайн халкъан турпалхойн ага!». Авторан деган йовхо шайца йолу и дешнаш «Ненан дог» повестан турпалхочунна Курсамна тIедогIуш а ду. Курсам шен сий лардийр долуш ю, шен бакъонаш лаха хуур долуш а ю. Повестан персонажех хIора а шен ойланца, амалшца, буьйцачу маттаца къаьсташ ю. Сатирически басаршца кхоьллина ямартхочун СаIида а, цунна тIаьхьа йозачу Асетан а васташ.
Айдамиров Абузаран сатирически корматалла къеггина гучуйолу «Генарсолтийн «хьуьнарш» цIе йолчу дийцарийн гулар тIехь. «Генарсолтийн «хьуьнарш», «Жуккаран мекарло», «Анонимка» дийцарш ду цу тIехь зорбатоьхна. Яздархочо Iаьржа басарш ца кхоош Iорабаьхна курхаллаш деш, ямартлонаш лелош, шаьш къа а ца хьоьгуш нехан хьакъ шайн хьашташка хьежо гIерташ лела нах. Билгалдаккха деза и тайпа нах автора къинхьегамхойх, халкъах дIакъаьстина гайтина хилар. ТIаьххьаре а шайна хьакъдоллучу жоьпалле озабо уьш. Шен произведенешкахь адамийн ледарлонаш Iораяхар яздархочо кхочушдо юьртахойн хьанал къинхьегам гайтарца цхьаьна, къинхьегамхойн комаьрша дог-ойла, церан амалш гайтарца. «Генарсолтийн «хьуьнарш» книги тIерачу дийцаршкахь автора хIоттайо кхин цхьа мехала проблема а – доьзал кхиорехь ден-ненан жоьпалла.Публицистикин жанрехь а дукха болх бина яздархочо. Цхьа бIе гергга публицистикин статьяш, очеркаш, интервьюш араевлла цуьнан периодически зорбанехь. Царна юкъахь ю къаьмнийн доттагIаллех, яздархойн декхарех, ненан мотт кхиорах, школехь ненан мотт а, оьрсийн мотт хьехарх, вайн литературни кханенах лаьцна йолу произведенеш. Сиха йоьдучу замано кхийдош йолу проблемаш хIиттайора автора шен публицистикин статьяшкахь а, очеркашкахь а. Нохчийчохь 1990-чу шерашкахь бохамен хьал доладелча, адам вончух лардан гIерташ муьран зорбанехь кест-кеста арайовлура Айдамиров Абузаран статьяш, интервьюш. Масала, республикехь яккхий митингаш юьйлаелча, цара адам дикане дуьгур дац-кх аьлла хеташ, царна дуьхьал йоккха статья язйира цо. «Халкъан доьналлин хьоста» цIе йолу и статья зорбане елира 1990 шеран 11 апрелехь арадаьллачу «Ленинан некъ» газетехь. «Мехк-кхиэл» ю аьлла цхьа хьаштдоцу юкъаралла вовшахтоьхча, оцу хьокъехь шена хетарг а, хила дезарг а яздира Айдамиров Абузаран «Даймохк» газета тIехь 1992 шеран 24 апрелехь. Нохчийн йоза латиници тIе даккха гIерташ тохабелира республикин куьйгалхой, масех Iилманча шайна тIе а озийна, ерриг интеллигенци оцу гIуллакхана дуьхьал йоллушехь. 1992 шеран 24 февралехь арадаьллачу «Даймохк» газета тIехь яра нохчийн йозанан графика хийцарна дуьхьал язйина «Сихалла – бохаман накъост» цIе йолу яздархочун статья. Адамаша деш долу зуламаш, зенаш садевлича, хьарамлонаш йитина, хьанал гIуллакхашна тIедерзаре кхойкхура «Дала шен оьгIазлонах лардойла вай» статья тIехь («Даймохк». 1992. 5 май). Къам тайпанашка декъа гIертачарна дуьхьал язйинера «Со дуьхьал ву нохчийн бекъарна» («Даймохк». 1992. 16 янв.), «Тейповый интерес надо оставить» («МаслаIат». 1992. 23 авг.) цIерш йолу статьяш.
Яздархочун «Лаьмнашкахь серло» (1963), «Тхан эвлахь» (1966), «Лаьмнийн некъашкахула» (1975) цIерш йолчу книгаш тIера дукхаха йолу произведенеш а яра юьртан дахар гойтуш. Айдамиров Абузар юьртахь вехаш вара. Юьртан дахар — цуьнан дахар дара. Юьртахойн дезарш − цуьнан дезарш дара. Яздархочунна дика бовзара юьртахойн кхиамаш а, иза дика кхетара церан халонех а. Цуьнан произведенешкара гIуллакхаш авторан фантазино кхоьллина дацара, уьш гонаха кхехкачу дахарера схьаэцна дара. Оцу дахарна юккъехь вара автор, юьстах лаьтташ вацара. Цуьнан исбаьхьаллин произведенеш йоьшуш царна тIepa турпалхой шайн Iер-дахарца, шайн гIиллакхашца-гIуллакхашца, ойланашца, леларшца яздархочунна юххера девзаш долу адамаш хетало. Церан амалшкара оьзданиг, сийлахьниг чIагIдо автора, айпечуьнца, сийсазчуьнца къийсам латтабо. Юьртан дахар гойтучу произведенешкахь яздархочо къинхьегаман стеган белхан хьуьнарш, деган дикалла, нахаца цуьнан йолу оьзда юкъаметтигаш гайтарца иза вазво, цунна хастам бо. Малончашна, жуккаршна, тайп-тайпана курхаллаш деш лелачарна дуьхьал луьра къийсам латтабо церан ма-дарра долу юьхь-сибат, харц Iалашонаш Iораяхарца. Иштта ю яздархочун оцу темица йолу повесташ, дийцарш, очеркаш. «Лаьмнийн некъашкахула» дийцарийн гулар тIехь яра «Шемалан леламаш» цIе йолу исторически хроника а. Цу тIехь яздархочо бакъдолчийн буха тIехь йовзийтира Шемалан леламашца йозаелла йолу халкъан историн агIонаш. Коьрта долчунна и исторически хроника бахьана долуш боккха кхиам хилира оцу книги.
Яздархочун 6 томах лаьтташ гулйина произведенеш оьрсийн маттахь арахецна 2004 – 2005 шерашкахь. Царна юкъахь ю: «Долгие ночи», «Молния в горах», «Буря» романаш, «Один день судьбы», «Калужский пленник» повесташ, «В день смерти сына» дийцар, «Хронолгия чеченской истории», «Избранные статьи и речи».
Яздархочун цхьайолу книгаш Iаьрби матте а яьхна Иорданехь а арахецна: «Лаьмнийн некъашкахула», «Вешин весет» (повесть «Маршонан цIарах»), «Еха буьйсанаш».
Айдамиров Абузаран башха кхолларалла нохчийн исбаьхьаллин литературин хазна хилла ца Iаш, адаман кхетам кхиорехь мехала ю.
Айдамиров Абузар кхелхина 2005 шеран 27 майхь Хьалха-Мартан гIалин больницехь Iуьйранна 6 сахьт даьлча.
Нохчийн халкъан лерам бу сийлахьчу яздархочуьнга. Айдамиров Абузаран цIарах ю Нохчийн Республикин коьрта библиотека, Соьлжа-ГIалин коьртачу урамех цхьаъ яздархочун цIарах бу, школа ю. Иза винчу, даим ваьхначу юьртахь Мескетахь схьайиллина яздархочун музей. Айдамиров Абузаран дахарх, кхолларллех лаьцна конференцеш, горга стоьлаш дIахьо республикехь. Цуьнан кхолларалла, исторически романаш республикин школашкахь а, вузашкахь а Iамош ю.
www.ChechnyaTODAY.com