(5 марта 2015) Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь
1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира оцу произведенин. Дуьххьарлерчу кхиамо дог айъира къоначу яздархочун. КхидIа цо тIевирззина болх бо литературехь. КIеззигчу хенахь (Айсханов Шамсуддинан литературехь кхоллараллин мур 7-8 шо бен ца хилла) цо язйина 30-чу шерашкахьлерчу къоман литературехь тоьллачарах йолу поэзин а, прозин а, драматургин а произведенеш. Зорбанехь арайийлина цуьнан пьесаш, поэзин сборникаш, дийцарийн, очеркийн книгаш. Театран сцени тIехь хIиттийна цуьнан драматургин произведенеш.
Айсханов Шамсуддин Катаевич вина 1907 шарахь Теркайистерачу Лаха-Неврехь. Цуьнан да-нана ахархой хилла. Яздархочун да Ката даима дахарехь керлачунна тIегIерташ хилла. ХХ бIешо долалучу хенахь Лаха-Неврехь халкъан серлончас, хьехархочо Хакишев Солтас школа йиллича, цига хехо вахара Ката. Халкъа юкъа серло яржоран Iалашо яра Хакишев Солтин. Дешарехула, Iилманехула лорура Хакишев Солтас нохчийн къам серлонга кхачон долу некъ. «Оцу тайпана школашкахула Хакишевс шен хенахь шуьйра яржош хилла вайн халкъана юкъахь прогрессивни дог-ойла», – яздина Сулаев Мохьмада шен «Октябро кхоьллинарг» цIе йолчу книги тIехь.
Шамсуддин деша ваххал хилча, шен дас иза дIавелира Хакишев Солта волчу школе. Дешаре боккха безам болуш кхиавора Катас шен кIант. Дешарна тIера а вара жима Шамсуддин, цо хазахеташ Iамадора йоза-дешар, резахиларца тIеоьцура шена хьоьхург.
КIант андаваьлча, цуьнан кхидIа а деша аьтто хилийтархьама, доьзалца Соьлжа-ГIала кхелхина вахна Ката. Кхузахь «Красная турбина» цIе йолчу керлачу предприяте балха а хIоьттина иза.
Йоза-дешар халкъа юкъа даржоран некъ юьхьарлецира ша хьалакхиъча Шамсуддис. 1925 шарахь дуьйна цхьана муьрехь комсомолехь болх бира цо. Кегийрхошна юкъахь масех шарахь болх баро гIо дира хинволчу яздархочунна шен нийсархойн дог-ойла кIорггера йовза а, керла дахар дIахIотторехь цара кхочушден гIуллакхаш ган а. Иза чIогIа пайдехьа хилира цунна.
Советски партийни школе деша хьажийна Шамсуддин, иза кхиамца чекхъяьккхина цо.
Айсханов Шамсуддис шен литературни кхолларалла йолаялар 1931 шарера дуьйна схьа лорура. Иза яздан-м дикка хьалха волавелла, делахь а яздархочо хIетахьлера хан, схьахетарехь, яздан Iамаран, кечамбаран мур лоруш хилла. 1931 шарахь «КIайн котам» цIе йолу дийцар яздира Айсхановс. Автора иза дийшира Ростовехь дIаяьхьначу Къилбаседа Кавказан къаьмнийн искусствон олимпиадехь. Iаламат дика тIеийцира цигахь къоначу яздархочун произведени. Кхиамо дог айдира Айсхановн, хIинца мелла а шех бIобулуш язйо цо исбаьхьаллин произведенеш. Оцу шарахь язйина ю «Хьава» цIе йолу поэма а. 1931 шеран октябрь баттахь поэта язйира «Зуда-ламанхо» цIе йолу стихотворении. Иза юьхьанца газетан агIонаш тIехь араелира, 1934 шарахь поэтан хаьржинчу стихотворенийн сборник тIе а туьйхира. Цул тIаьхьа автора мелла а болх бина оцу произведенин чулацам тIехь, цуьнан социальни маьIна кIаргдеш а, исбаьхьаллин форма кхин а шаръеш а. Тойинчул тIаьхьа «Хьава» боху керла цIе а тиллина, поэма аьлла, жанр билгал а яьккхина, цунна зорбатоьхна «Бригадхо веза» цIе йолчу керлачу сборник тIехь. Поэма шен барамехь йоккха яц, амма шуьйра чулацам болуш ю. Коьртачу турпалхочуьнга Хьавага дечу къамелан формехь язйина ю поэма. Нохчийн зудчуьнга керлачу дахарехь дакъалацаре, дешарна, юкъараллин гIуллакхашна тIеерзаре кхойкху поэт. Кхайкхаман формехь ю поэма, делахь а тIедерзарах а, айдарех а пайдаэцаро дика вевзачу стаге дечу къамелан интонаци хуьлуьйту цуьнан. Шера стих а, цхьабосса ритм а ю поэмин, чолхе йоцуш, кхета аттачу маттаца язйина а ю иза. Поэта далийна цхьацца долу дустарш, эпитеташ, тIедерзарш нохчийн барта кхоллараллех пайдаэцар билгалдоккхуш ду.
1933 шарахь, совпартшкола чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Айсхановс Машино-тракторнин станцин политотделан газетан редакцехь болх бо. Iаламат хала а, жоьпаллин а болх бара иза. Амма яздархочунна чIогIа пайдехьа хилира газетехь болх бар. Адамийн ойланех, лаамех кхиа аьтто хуьлуьйтура журналистан балхо. Яздаран корматалла лакхаяларехь а пайдехьа хилира газетехь бина болх.
1933 шарахь масех произведени арахийцира Айсхановс,. Царна юкъахь яра «Вай доьшур ду» боху 8 суьртах лаьтташ йолу пьеса, «Мало-хало» цIе йолу дийцар, «ХIайттархойн бригада» аьлла очерк. Зорбанера араделира хьалха яздина долу «КIайн котам» боху дийцар. Керла бахам кхуллуш долчу халкъан дахарехь хуьлуш болу хийцамаш гойту автора оцу произведенешкахь.
«ХIайттархойн бригада» цIе йолчу очерка тIехь дуьйцу ахархоша, йохье а буьйлуш, шайн белхан планаш хенал хьалха кхочушъяр.Дукхахболчу юьртахоша хьаналчу къинхьегамца дебабо юьртбахам. Очерк тIехь гойту божаршна а, зударшна а цхьатерра бертахь аренашкахь каде белхаш бар. Белабелла, бекхабелла бу уьш, самукъне бу церан беркате къинхьегам. Болх говза вовшахтоха хууш болу куьйгалхой кхиина ярташкахь. Царах ву хьуьнаре бригадир Абубакаров Абуса. Йохье яьллачу Абусин бригадо ЦIен байракх яьккхина. Шайн аренашкара белхаш дIа а берзабой, лулахошна гIо дан йоьду хIайттархойн бригада. ХIинццалц ца хиллачу юкъарчу белхан форманаша самадаьккхина хьуьнар. Керлачу дахарца цхьаьна кхуьуш ду керла адамаш, боху яздархочо шен произведеница.
Хазачу маттаца язйина очерк. Алссам ду цу тIехь исбаьхьаллин дустарш. Кхета атта а, йоьшуш самукъане а ю иза. КIезиг бен йоцчу диалогехь а билгалйовлу турпалхойн амалш. Жимчу барамехь йолчу оцу произведени тIехь Айсхановга хIоттаделла 30-чу шерашкахьлерчу юьртан дахаран къеггина долу сурт, гайтаделла хьуьнаречу адамийн гIуллакхаш а, ойланаш а.
«Мало-хало» цIе йолчу забаре дийцар тIехь яздархочо хIоттийна декъазчу цхьалхахочун васт. Малонча Шаба, кхиболчу юьртахоша сана, болх бан лууш вац. Къинхьегамах уьдуш ву иза, цундела цуьнан нехачарах тера ков-керт а, хIусам а яц. Тайп-тайпана декъаза гIуллакхаш Iиттало Шабех, цуьнан мало бахьана долуш. Наха беламе воккху иза.
Стеган сий а, ирс а цуьнан хьаналчу къинхьегамах дозуш хилар билгалдоккхуш ду дийцаран маьIна.
Москвахь 1934 шарахь гулъелира Ерригсоюзни яздархойн хьалхара съезд. Советски къаьмнийн литератураш кхиаран гIуллакхаш дара съездехь дуьйцурш. Оцу съездехь дакъалоцуш хилла нохчийн, гIалгIайн яздархойх пхиъ векал, царна юкъахь Айсханов Шамсуддин а. Нохч-ГIалгIайн литературах лаьцна къамел дина Айсхановс съездехь. Шен къамелехь цо билгалдаьккхина вайнехан культура а, литература а кхио яккхий таронаш хилар а, яздархой къоман литература кхолларехьа къийсам латтош хилар а.
Поэтан хаьржинчу стихотворенийн керла сборник араяьлла 1934-чу шарахь. «Колхозхошна керла иллеш» цIе йолчу оцу книги юкъа яхнера поэтан тоьллачарах йолу стихотворенеш. Шуьйра тематика а, шен заманца богIуш чулацам а бу цу тIерачу произведенийн. Оцу сборникан хьалхарчу агIона тIехь йолчу «Вицлур вац Асланбек» цIе йолчу стихотворени тIехь нуьцкъалчу дешнашца хIоттийна халкъан тешамечу кIентан Шерипов Асланбекан васт. Керлачу дахарехьа къийсам латточу къехойн тхьамда хилла хьалхаваьллачу Асланбека шен къона дахар дIаделла мостагIех лиэташ. Иза халкъо шен къоман турпалхо лору, цундела боху поэта: «Вицлур вац Асланбек». Стихотворени шен чулацамца йогIуш йоллу ондда интонаци а йолуш, хIор могIанан а къеггина маьIна а долуш, цIеначу нохчийн маттаца язйина ю.
Нохчийн маттахь
Къийсам. Пьеса. Соьлжа-ГIала, 1932.
Колхозник курортехь. Дийцар // Советан Нохчийчоь. 1932. № 1.
ХIайттархойн бригада. Очерк. // Итт бIаьсте, 1933.
Шабин бухахьабаьлла некъ. Дийцар // Итт бIаьсте. 1933.
Мало – хало. Соьлжа-ГIала, 1933.
Вай доьшур ду. Пьеса. Соьлжа-ГIала, 1933.
Колхозникашна керла эшарш. Стихаш. Соьлжа-ГIала, 1934.
Советски яздархойн ерригсоюзан I съездехь дина къамел // Рост. 1934. № 1. А. 86-91.
Керлачу юьртахь — керла нах. Дийцар // Кхиам. 1934. № 1.
КIайн котам. Дийцар. Грозный, 1934.
Бригадхо веза. Стихаш. Соьлжа-ГIала, 1936.
Безаман кехат // Орга», 1960, № 3. С. 55.
Хаьржинарш. Грозный, 1964.
Оьрсийн маттахь
«Победа», «Хава», «Хамид», «Весна», «Гости весны». Стихи. В сб.: Поэты Чечено-Ингушетии. М., ГИХЛ, 1935.
Хава. (Отрывок из поэмы) // Грозненский рабочий. 1935. 12 июнь.
«Зима». Стихотворение // Поэты советской Чечено-Ингушетии. Пятигорск, 1937.
www.ChechnyaTODAY.com